День Конституции Чеченской Республики

22.03.2018

В средней группе "Солнышко" прошло мероприятие посвященное "Дню конституции Чеченской Республики"

Пхийтта шо хьалха, 2003-г1а шеран 23-чу мартехь, нохчийн халкъо бакъболу исторически харжам бира. Т1емаша, дуьненаюкъара экстремисташа, террористаша г1елдинчу халкъо сатуьйсура маьршачу дахаре. «Нохчийн къоме шега алийта шена х1ун оьшу. Цуьнга шега къастадайта шен дахар», - аьллера Кадыров Ахьмад-Хьаьжас.Референдум а йина, НР-н Конституци т1еэцар бахьанехь Нохчийн Республикан хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас билгалбаьккхинчу новкъа схьадог1уш ду вай тахана.Россин Турпалхо, Вайн Республикан Куьйгалхо Рамзан Ахматович Кадыров коьртехь а волуш, йоццачу хенахь юхаметтах1оттийра т1амо йохийна, яржина йолу Нохчийчоь.Российски Федерацехь уггаре хазачу г1аланех цхьаъ хилла д1ах1оьттина Соьлжа-г1ала. Дерриг дуьне цецдоккхуш, баккхий кхиамаш бу уьш. Вай пусар дан деза таханлерчу маьршачу дахаран.Таханалерчу ирсечу дахаре вай кхачийта г1ерташ шайн синош д1аделла дуккха а турпалхоша.Везачу Дала кхи цкьа а т1ом ма гойтила вайн Махкана. Оцу дезчу денна лерина мероприяти д1аяьхьира тхан берийн бешахь. Дела реза хил оцу цхьанакхетарехь дакьа мел лаьцначунна.

Муниципальное бюджетное дошкольное образовательное учреждение «Детский сад № 1 «Нана» с.Гелдаган ул.Т.Идрисова №18 Курчалоевского района» Муниципальни бюджетни школазхойн дешаран учреждени "Курчалойн кIоштан Гелдаганан эвлан № 1 йолу берийн беш "Нана"