Нохчийн меттан де!

25.04.2024

2007 - чу шарахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана оханан беттан 25-гIа де дIакхайкхина Нохчийн меттан де ду аьлла. Оцу дийно йоккха меттиг дIалаьцна Нохчийн Республикан хиламийн дезачу денойн могIарехь. Халкъан юьхь, культура, орам бу мотт. ХIора нохчийчо шен мохк а, халкъ а дезахь, Iамо беза шен ненан мотт. Мамакаев Мохьмада ма аллара: «Шен ненан мотт халкъо сий ойуш Iалашбахь, цу халкъан паргIато цхьаммо а хьошур яц», шен маттаца къоман сий а, паргIато а ларъян еза хIораммо а. 

Мотт бу - къам ду, мотт бац - къам дац, олуш ду вайнехан. Шен ненан мотт ца хуу стаг даима а йюьхь1аьржа хир ву шен къомана а, кхечу къаьмнашна а хьалха. Х1унда аьлча, цунна йевзар йац къоман синан к1оргалла, бевзар бац цо луш болчу кхачанан чам. Цунна хуур дац цо ма-бохху ойлайан, цо ма-хьеххара ваха а. Иза херволу шен къоман г1иллакхех, оьздангаллех, ламастех. Муьлхха а стаг цу хьолехь хилар, йахь ца хилар, ледара хилар ду, дакъазавалар ду.

Мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вайн къоман сий а дужур ду. Ненан мотт хIора къоман а, хIора халкъан а культурин бух хиларе терра, иза мелла а кIорггера дика Iамор а, вайн  т1екхуьучу чкъурана иза хьехар, бовзийтар, марзбар хIоранна а декхар ду.

Дала массо а нохчочун шен ненан мотт бийца лаам а хуьлийла, т1екхуьучу чкъурана иза 1амор т1ехь аьтто а бойла.

Даггара декъаладо шу Нохчийн меттан денца!