День Чеченского языка!
25.04.2022Лараме махкахой!
Даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца!
Вайна ма – хаара, 2007 шеран 11 майхь Нохчийн Республикан Президента Кадыров Рамзана Ахматовича Указ даьккхина, 25-г1а апрель Нохчийн меттан де ду аьлла, билгалдоккхуш. Х1ора нохчо, нагахь санна шен халкъ а, Даймохк а безаш велахь, шен ненан мотт 1амош а, хууш а хила веза.
«Мотт бу-къам ду, мотт бац-къам дац» - олуш ду вайнехан. Шен мотт ца хуу стаг даима а йуьхь1аьржа хир ву шен къомана а, кхечу къаьмнашна а хьалха. Х1унда аьлча, цунна йевзар йац къоман синан к1оргалла, бевзар бац цо луш болчу кхачанан чам. Цунна хуур дац цо ма-бохху ойлайан, цо ма-хьеххара ваха а. Иза херволу шен къоман г1иллакхех, оьздангаллех, ламастех. Муьлхха а стаг цу хьолехь хилар, йахь ца хилар, ледара хилар ду, дакъаза валар ду. Тахана нохчийн къоман Куьйгалхочо Рамзан Ахматовича массо а аг1ор вайн беш аьтто бу, ненан мотт бийца а, т1екхуьучу берашна и 1амо а. Вайга вайн дайша, наноша, сирла хьоста санна, ларбеш, схьакховдийна вайн ненан мотт, вай декхарийлахь ду, аьлла хета тхуна т1екхуьучу чкъурана иштта ц1ена и д1акховдо. Иштта бен таро хир йац вайн т1екхуьучу чкъуран ненан матте марзо, ларам кхио. Ненан маттал хаза а, сийлахь а х1ума дан а дац, хила йиш а йац!
Лараме махкахой!
Оцу беркатечу г1уллакхана т1ехь вайн массери Дала аьтто бойла, могушалла а, токхо а хуьлийла х1ора х1усамехь!